ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу Манбиджехь кхерамазалла хIоттор дийцаре дина туркоша а, Iамеркахоша а


Шема - Манбидж 2014-чу шарахь дуьйна шайн карахь латтийра "Исламан пачхьалкх" тобан тIемалоша.
Шема - Манбидж 2014-чу шарахь дуьйна шайн карахь латтийра "Исламан пачхьалкх" тобан тIемалоша.

Шеман хьокъехь Туркойн-Iамеркахойн а Хонкарахь хиллачу белхан цхьаьнакхетарехь некъан карта кечдина, Манбидж гIалахь кхерамазалла а, къепе а хIоттош цхьаьна къахьерца доьзна.

Цунах лаьцна хаам бина Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайта тIехь. "Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Чавушоглу а, Iамеркан пачхьалкхан секкретар Помпео а цхьаьнакхетар ву Мангал-беттан 4-чу дийнахь, цу белхан тобано кховдийна некъ бийцаре бан", - хаам бо дипломатин хьукмато.

Хьалхо Туркойчоьнан президенто Эрдоган Реджепа дIахьединера, шаьш буьззинчу барамехь Iуналла дан дагахь ду шайн дозанца йолчу Шеман территорешна, Африн дIалаьцначулла тIаьхьа курдийн карахь йолчу Манбиджехь тIеман операци еш аьлла.

Эрдогана критика йинера Вашингтонна," террорхошна гIо дарна" иза бехке а еш.

Манбидж 2014-чу шеран Дечкен-баттахь дуьйна шайн карахь латтийра "Исламан пачхьалкх" тобан тIемалоша. Шеман демократин ницкъаша иза маьрша яьккхира 2016-чу шарахь Марсхьокху-беттан 12-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG