ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураевн йиш бахьанехь гIуда тоьхна Невран кIоштарчу вахархочунна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Суьдо бехке винарг ву Невран кIоштара вахархо, хаам бо "Кавказский узел" сайто. "ВКонтактерчу" шен агIона тIехь цо дIахIоттийна хилла нохчийн вевзаш волчу эшаршлакхархочо Муцураев Тимура дIааьлла цхьа йиш. Муьлхарниг ю дуьйцуш дац. Иштта йовзуьйтуш яц жоьпе озийначу стеган цIе а.

Прокуратуран белхахошна иза хиина интернетехь таллам беш.

И бахьана долуш и стаг бехке вина экстремистийн материалаш яржорна. Невран-кIоштан суьдо 150 туьма гIуда тоьхна цунна.

Муцураевн аз дика девзаш ду Нохчийчохь хьовха, ерриг а Оьрсийчохь а бардийн кхолларалла дукха езачу нахана.

20 сов шо ду иза дека цкъа дуьхьара тIеман аренашкахь, тIаккха магнитан ленташна, цул тIаьхьа CD дискашна, ткъа хIинца, коьртачу декъана, интернетехь иттаннаш сайташна а тIехь а, социалан машанийн агIонашкахь а.

Оцу хена чохь Муцураевн кхоллараллица жигара къийсам дIахьош ю Оьрсийчоьнан низамаш лардон система: полисхой, талламан комитетан белхахой, прокурораш, суьдхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG