ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь вийначу стеган гергарчара чIир кхайкхийна полисхочунна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Полисхоша лоцуш вийначу Делиев Мохьмадан йиша а, ваша а ледина Налчикехь гарнизонан тIеман кхелехь, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Цу суьдехь бехке йеш ю ГIалгIайчуьрчу "Э" центран куьйгалхочо Хамхоев Тимура куьйгалла до ницкъаллин структурийн белхахой хиллачу нахах лаьтташ йолу тоба.

Верриг а жоьпе озийна ву "Э" центран а, ФСБ-н ГIалгIайчуьрчу урхаллан а хилла 6 белхахо а, кхин цхьаъ хIинца а болх беш волу полисхо а. Царна бехке дуьллуш ду деза а, тIех деза а зуламаш дар.

Таллам бича гучудаьлларг иштта ду. Хамхоевс а, цуьнан белхан накъосташа а ницкъ беш хьийзийна Далиев а, цуьнан зуда Марьям а, банк яхьаран бехк тIелаца бохуш. Экспертизо гайтина 50 шо долу Далиев садукъийна вийна хилар.

Цуьнан вашас Далиев Назира кхелехь дийцарехь, веллачуьнан дакъа доьзале дIаделла хилла шолгIачу дийнахь, тIехь ницкъ баран ларш а йолуш. Иза динарг кхеле озийна волу Беков Мохьмад ву аьлла тешна бу Далиевн гергаранаш. Цара чIир кхайкхийна цу стагана.

Суьдхочо варе вира Далиев, цу тайпа кхерамаш тийса мегар ца хилар хьокъехь. Ткъа Бековс тIечIагIдира, леррина нах а баьхкина, шена чIир кхайкхийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG