ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга латкъам бина Ойсхарарчу бахархоша


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Ойсхарарчу бахархоша латкъам бина, цхьацца бахьанашца, школашкахь ахчанаш дохуш хиларх а, "Фирдаус" фирмера дешархойн духар шайга оьцуьйтуш хиларх а лаьцна, яздо "Кавказский узело". Амма Нохчийчуьрчу Iедалша а, республикан дешаран министралло а харцдина иза.

"Кавказский узело" дийцарехь, Ойсхаран бахархойн цIарх Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга бахьийтинчу кхайкхаман текст кхаьчнера церан SMS-сервисна тIе Стигалкъекъа-беттан 23-чу дийнахь.

Цуьнан авторша кхайкхам бина Кадыров Рамзане, шайн эвларчу школашкарчу хьолана тIе тидам бахийтар доьхуш.

Тайп-тайпанчу хьашташна ахчанаш вовшахдетта аьттонаш бац шайн, аьлла яздина цара.

Ойсхаран администрацино далочу терахьашца, цигахь вехаш ву 11 500 стаг. Цу эвлахь кхо школа ю, доьшуш 3000 бер а долуш.

"Кавказан узело" дийцарехь, цара таллам бича школашкахь ахчанаш лехьош хилар бакъ ду, амма цу кхайкхаман авторш шайна муьлш бу ца хаьа, аьлла бахархаша

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG