ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн демократин пачхьалкх кхоьллина 100 шо кхачар даздина Тбилисехь


Гуьржийчоь, Тбилиси. 26Стиг2018
Гуьржийчоь, Тбилиси. 26Стиг2018

Тбилисхь шуьйра даздина Гуьржийн демократин республика кхоьлина 100 шо кхачар. Даздаршкахь дакъалецира Еврокомиссин куьйгалхочо Юнкер Жан Клода а, ткъа иштта Эрмалойчоьнан а, Литван а, Латвин а, Полшин а, Словакин а, Финляндин а президенташа а.

Тбилисин Маршонан майданахь эскаре хьажар дIадаьхьира, НАТО-н Гуьржийчуьрчу Iаморан базехь дIатардинчу гуьржийн армин дакъоша а, Iамеркан тIеман говзанчаша а дакъа а лоцуш. Майданахь гулбелларш хьаьжира гуьржийн йозуш йоцу пачхьалкх дIакхайкхор гойтуш хIоттийначу сурте.

ЦIечу Армино 1921-чу шеран Чиллан-баттахь йохийна Гуьржийн демократин республика дIакхайкхийнера Тбилисехь Руставели Шотан проспектерчу гIала-хIусамехь 1918-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 26-чу дийнахь Оьрсийчоьнан вевзаш волчу социал-демократин боламан декъашхочо Жордания Ноэс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG