ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина «Прямая линия» дIахьур ю Мангалан-беттан 7-чохь


Архивера сурт, 2017 шо.
Архивера сурт, 2017 шо.

«Прямая линия» олу пачхьалкхарчу бахархойн хаттаршна телевизионехула жоьпаш луш конференци дIахьур ю Путин Владимира Мангалан-беттан 7-чу дийнахь. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, Кремлан зорбанан сервисна тIе а тевжаш.

Иза дуьххьарлера цу тайпа конференци хир ю хIинца 6 шаранна президентан гIант дIалаьцначу Путинан, ткъа иштта 16-гIа хир ю иза 2001-чу шарахь дуьйна цо дIаяьхьначерах.

Путина 11-зза жоьпаш делира мехкан бахархойн хаттаршна президентан даржехь а волуш, ткъа иштта диозза дира цо иза премьер-министро санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG