ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан 4 эскархо вийна Шемахь


Шема. Дейр эз-Зор. Архивера сурт.
Шема. Дейр эз-Зор. Архивера сурт.

Оьрсийчоьнан 4 эскархо вийна Шемарчу Дейр эз-Зор провинцехь тIемалошца хиллачу тIамехь. Цунах лаьцна хаам бина тIеман министралло.

Цу хаамца а догIуш, тIемалоша буьйсанна тIелатар дина хилла Шеман Iедалан тIеман ницкъийн яккхийн тоьпаш йолчу тIеман декъана. Иза юхатухуш куьйгалла деш хилла Оьрсийчоьнан тIеман ши хьехамча оццу меттехь вийна.

Чевнаш хилла 5 эскархо дIакхачийна хилла Оьрсийчоьнан тIеман госпитале. Лоьраша гIо дан кхиале царах шиъ велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG