ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикех цIанбинчу мехкашлахь ю Нохчийчоь а, Дагестан а


"Кхетаме Оьрсийчоь" федералан проекто 2018-чу шарахь дуьххьара бозуш боцу аналитикан талламаш дIабаьхьна, Оьрсийчоьнан субъекташлахь наркотикашна дуьхьал бинчу къийсаман жамIаш зуьйш.

Антинаркотикан рейтингца а догIуш, уггар унах цIена лерина 85 субъекташлахь Архангелскан, Волгоградан кIошташ а, Чукотка а.

4-чу могIарехь ю Нохчийчоь. Дагестана дIалаьцна 8-гIа позици.

ГIебарта-Балкхаройчоь 15-чу меттигехь дIанисъелла, ГIалгIайчоь 25-чу меттигехь, Къилбаседа ХIирийчоь 33-чохь.

Москох 78-чу позицехь ю, Петарбух 81-чохь. Уггар хьал ледара лерина Примоскехь, 85-гIа, тIаьххьара меттиг кхаьчна цунна.

XS
SM
MD
LG