ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров бусулба жамаIатах дIахадийна муфтиято


Муфтия Хамхоев Iийса а, мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а. Коллаж.

ГIалгIайчуьрчу Iеламнехан а, ярташкарчу къанойн а кхеташонехь мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек шайн динан юкъараллах дIакъастош сацам тIеэцна. Оцу сацамо доьхку бусулбачарна Евкуровх хьакхалучу диканехь-вонехь а дакъалаца, хуьлда иза зудаялийна я стаг велла меттиг. "Махкара динан урхалла дискриминаци кIел латторна" бина муфтиято шен сацам.

Муфтията векалша дийцарехь, и такфир тIеэца бакъо елла царна 2013-чу шарахь Исламан конференцехь динчу дIахьедарша. Цара магадо "вон леларг, адамашна тIехь харцо лелориг динан юкъараллера араваккха".

"Кавказ.Реалии" портале ГIалгIайчоьнан муфтийс Хаштыров Мухьаммада аьлла, динан урхалла Iедална дуьхьал яьлла яц, цхьана хьаькамо лелочунна дуьхьал ю.

"Оха юкъадаьккхина дац иза. Доллу дуьненахь а дукха заманера схьадогIуш ду и ламаст. Цхьана стагна тIеIаткъам бан Iалашонца, цара иза дIахадош хилла юкъараллах. ЛартIехь долчу адамна дала тохар ду иза. Iеламчаша Евкуровца цхьа а юкъарлонаш лело ца лаьа шайна боху. Цуьнан воне я дикане гIур дац тхо", - аьлла Хаштыровс.

ГIалгIайчоьнан администрацехь комментари ца елира Маршо Радиона.

XS
SM
MD
LG