ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев Аюбан вешин кIант лацар провокаци ю аьлла гергарчара


Титиев Аюб
Титиев Аюб

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочун Титиев Аюбан вешин кIант Титиев Адам дIалацар провокаци ю аьлла церан гергарчара. Наркотикаш лелош хилла аьлла, бехкевина лаьцна дахначу пIераскандийнахь Титиев Аюбан вешин кIант Адам. Талламчаша чIагIдарехь, цуьнан кисанахь карийна 120 грамм марихуана, хааме даьккхкина бакъонашларъярхочо Ганнушкина Светланас. Титиев Адам шина баттана чохь вуьтуш сацам тIеэцна кхелахоша.

45 шо долу Титиев Адам пхеа беран да ву. Могуш вац иза, некъан бохам хиллачул тIаьхьа Iасанашца лелаш ву.

Титиев Адам лацарх Telegram каналехь хаам бира Кадыров Рамзана, Петарбухехь Францин президент Макрон Эммануэл "Мемориал" бакъонашларьярхойн центран куьйгалхочуьнца Черкасов Александрца цхьаьнакхетарна комментари еш, яздинера"Эхо Москвы" радионо.

Кадыровс чIагIдарехь, Титиев Адам лаьцнера ши де хьалха. Ткъа наркотикаш лелорна иза дуьххьара чувоьллина хилла 2001-чу шарахь Дагестанерчу кхело.

Кадыровс дийцарехь, изза зулам юхадарна Титиев Адам жоьпе озийна хилла 2011-чу шарахь Нохчийчохь.

Титиев Аюб лецира Нохчийчохь кхушеран Дечкен-беттан 9-чу дийнахь, цуьнан машенчохь наркотикаш карийна аьлла. Бакъонашларъярхочо ша бехке хилар керстдо.

Цо чIагIдарехь, наркотикаш цуьнан машенчу тесна полисхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG