ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бастрыкина Инстаграм дIакъовла еза аьлла


РБК-н информацица, оршотдийнахь берийн бакъонашларъярхойн съездехь Бастрыкин Александра дIахьедина, кхечу пачхьалкхаша Интернет тIехь урхалла дечу зеделлачух пайдаэца безара аьлла.

"Yandex, Google компанийн метта Туркойчохь берашна лерина юкъаяьккхина шайн информацин система ю. Ткъа вайга Инстаграм а дIа ца къовлало. Инстаграмна блок тоха езара, хIунда аьлча, стохка Петарбухахь оцу машанех пайда а оьцуш дира теракт", - яьлла Талламан комитетан куьйгалхочо.

Хьалхо Талламан комитето дIакхайкхийнера, Петарбухахь теракт кечдечу заманчохь зуламхоша Телеграман мессенджерх пайдаэцарх. Инстаграм хIетахь хьахош-юьйцуш яцара. Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца, кхело дIакъевлина ю Телеграм.

ХIетте а дукхахболчара тоьхначу блокна кеп-кепарчу схемашца кIелхьара а буьйлуш, пайдаоьцу мессенджерх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG