ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинера Москох доттагIаллин цIерпошт кхочур бу


КарабогIучу беттан 4-чу дийнахь 16-чу кхаччалц цIерпоштца Берлинера Москох богIуш бу бIе гергга доттагIаллин векалш. Церан Iалашо ю Оьрсийчоь дика йовза а, цуьнан бахархошца гергарло таса а, Москох дуьненан футболан Чемпионат схьайоьллу церемони ган а.

Германина а, Оьрсийчоьнна юкъахь дипломати кхион, доттагIалла лело хьелаш кхоллар, пачхьалкхийн кеп-кепарчу дакъошкахь юкъарлонаш лело лаам бу проектан. Немцойн Druschba Global юкъараллан организаци а, туристийн Paneurasia компани а ю и барам вовшахтоьхнарг.

Оьрсийчу кхаьчначул тIаьхьа пачхьалкхан гIаланашкахула дIасабекъалур бу векалш: Петарбуха а, Новгороде а, Вологда а, Соьлжа-ГIала а, Краснодаре а, Сочи а, Симферополе а, Ялте а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG