ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема ваха лаам хиллачу Магомадовн арз луьстур ду кхело


Магомадов Анзор
Магомадов Анзор

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело шинариндийнахь луьстур ду чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Академехь доьшуш хиллачу Магомадов Анзоран арз. Шемарчу даIишхойх дIакхета гIортарна а, герз лелорна а бехкевинера иза Ростовн тIеман кхело.

КIентан гергарчара а, адвокаташа а чIагIдарца, герз кхоьсинера цунна полисхоша, ткъа кийтарло яйтинера жимчу стаге, тIехь Iазап латтош, ницкъбийр бу бохуш, кхерамаш тийсинчул тIаьхьа. Кхело набахтехь даккха 9 шо кхайкхийнера Магомадовна Зазадоккхучу-баттахь.

Масех шо хьалха Магомадов Анзоран ваша шен доьзал буьгуш Шема дIа а вахана, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхеттера. Мессенджерехула шен вешица хилла зIе ФСБ-но Анзор цунах дIакхета лаам болуш хилча санна тидинера аьлла, дийцина кIентан нанас Гендургуноева Маликас. Стохка гурахь Шемахь бомбанаш еттачу хенахь вийра Магомадов Адам.

Ростоврчу СИЗО-хь латтош ву карарчу хенахь Магомадов. Апелляци луьстур ю кхело шинаридийнахь. Тоьхна хан охьаяккхийта гIерта адвокаташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG