ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн векалан барт хилла Иракъерчу кхелахочуьнца


Сабсаби Зияд
Сабсаби Зияд

Экстремистийн организацешкахь дакъалацарна бехкебечу Оьрсийчоьнан бахархойн хьокъехь Иракъехь дийцарш хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Гергарчу Малхбалехь а, Къилба Африкехь волчу векалан Сабсаби Зияда. Иракъан низамашца оцу нахана бойуш кхелаш йогIу. Кадыровс хаамбарехь, Сабсабин къамел хилла Иракъан Лакхарчу кхелан куьйгалхочуьнца Зейдан Фаикца а, иштта терроризман гIуллакхашкахула волчу Лакхарчу суьдхочуьнца Абдулкерим Хусамца а. Бехкебечийн цхьа дакъа гIуллакхаш листар цуьнан карахь хилла. Оцу цхьанакхетарехь, шина агIонан барт хилла массеран а материалаш цхьана кхелахочуьнгахь хир йолуш.

Итт де даьлча лацначаьрца цхьанакхета лерина ву Сабсаби БагIдадера Оьрсийчоьнан инарла консул цхьана а волуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG