"Маьршаваккха Титиев Аюб" аьлла, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цIарах Эстемирова Ланас язъйинчу петицина буха хIинцале а куьйгаш яздина 50 эзар стага. Маршо Радионо "Кавказ.Реалии" порталан агIонера схьаэцна бакъонашларъярхочун Эстемирова Наташин йоIа Ланас яийтина видео зорбане яьккхира кху беттан 15-чохь. Ланас кхайкхамбора Путин Владимире Титиев Аюбна дуьхьал даьккхина харц гIуллакх сацадайтахьара аьлла.
Петици кечйира Эстемирова Ланас президенте Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакх федералан тIегIане даккхар доьхуш. Ши кIира хьалха зорба тоьхначу петицина бухахь куьйгаш яздина 50418 вахархочо.
Эстемирова Ланин нана Эстемирова Наташа Нохчийчуьрчу "Меморилан" белхахо яра. 2009-чу шарахь полисхоша Соьлжа-ГIалахь лачкъа а йина, ГIалгIайчу дIа а йигина йийра иза. Нах лечкъорна а, кхел йоцуш байарна а, бух боцуш зуламан гIуллакхаш ийдарна а дуьхьал къийсам латтабора цо.