ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилан дозанашкахула 25 ракета кхоьсина


Шинаридийнахь Газа секторера Израилан дозанашкахула 25 ракета хьажийна. Израилан тIеман министралло бина и хаам. Пачхьалкхан Къилбера Сдерот гIалина а, цунна гонахарчу кIошташна а дина тохарш. Лазийна, байина нах бац, ракеташна дуьхьало йина хиларна. Берийн беш схьаелла кIезиг хан йисинчу хенахь, цунна герггахь лаьтта кхаьчна цхьа ракета. 2004-чу шарера дуьйнна схьа уггар доккха ракеташца дина тохар ду иза. Жоьпалла цкъачунна цхьаммо а шена тIелаьцна дац, бакъду де хьалха палестинхойн радикалан "Исламан джиIад" тобано кхерамаш тийсира Израилна, церан эскархоша кIирандийнахь шайн чуьра нах байарна.

Израилан а, Газан а дозанехь Зазадоккхучу - баттахь дуьйнна йолийна палестинхоша демонстрацеш. Дозанехула дехьа бийла а гIерташ, Израилан эскархошна тIелетарш до цара. Вукхара дуьхьала герзаш детта.

Оцу тийсадаларшкахь шина баттахь вийна 100 палестинхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG