ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь еллачу Мурманскера зудчун йоI нохчийн доьзале эцна


Мосулехь еллачу Мурманскерчу яздархочун Ицанкова Дарьин йисина 6 шо долу йоI БагIдадерчу берийн цIийнера Нохчийчу кхачийна. Нохчийн доьзало шайн йоI санна кхаба а, кхио а шайн дола яьккхина иза, хаамбо республикан куьйгалхочун аппаратехь.

"Масех шо хьалха "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхеттера Мурманскера Ицанкова Дарья. ЙоьIан нана а, вокхахволу ваша а стохка Мосулехь кеманашца бомабанаш еттачу хенахь делла лоруш ду. БагIдадаерчу цхьана берийн цIийнехь яра иза хIинццалц", - аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталлан корреспонденте Кадыровн администрацин белхахочо.

Цо бахарехь, дозанал а арахьа беха Ицанкова Дарьин гергарнаш реза ца хилла йоI тIелаца. "Бер Нохчийчуьрчу цхьана доьзало шайна дIайигина. Цунна сагатдан оьшуш дац", - аьлла дийцинчо.

Шемахь дакъалоцуш ю аьлла, лехамашкахь яра 2013-чу шарахь дуьйнна Ицанкова Дарья. Ша йоьдучу хенахь шеца дIадигинера цо шен ший а бер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG