ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн къона режиссеро ворхI совгIат эцна фестивалашкахь


Агаев Шемал
Агаев Шемал

Оьрсийчохь дIаяьхьначу кинон а, социалан рекламан а фестивалашкахь ворхI совгIат даьккхина Тюменехь вехачу нохчийн сценаристо, режиссеро, 26 шо долчу Агаев Шемала. "Шу – хьакъдолу масал ду" социалан ролик а, "Регламентехь дац" йоца филм а, "Лузерша бен ца до къола" анимацин видео а, "Къаьркъа малар турпалалла дац" фотопроект а белхаш цхьана юкъахь дIахьочу масех фестивалашкахь гайтинера къоначу режиссеро. Корматаллин лаккхара мах хадош, дипломаш делира Агаевна.

Дукха хан йоццуш Шемала дакъалецира хIора шарахь дIахьочу Telling Stories Fest фестивалехь. Тоьллачу пхеа финалисташлахь яьккхира цуьнан цIе.

Шен 22 шо долчу хенахь The Walt Disney компанино кхайкхийначу сценарийн конкурсехь туьйлира нохчо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG