ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герз доьхкина 19 стаг лаьцна Нохчийчохь


Бакъо йоцуш герз лелорна 19 стаг лаьцна Нохчийчохь, кхи а 25 махкара аравалар доьхкуш куьйгашяздайтина аьлла, хаамбо махкарчу ппрокуратурано. ХIара шо карадеачхьана Нохчийчохь герз лелийна, доьхкина, дехьа-сехьа даьккхина, лачкъийна 85 зулам Iорадаьккхина полисхоша.

И зуламаш бахьана долуш 66 бехктакхаман гIуллакх диллина, кхеле кхи дIа листа хьажийна 42 вахархочун материал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG