ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белгехь теракт дина. Байина нах


Белгерчу Льеж гIалахь герзаш диттина виъ стаг вийна шинаридийнахь. Вийначух цхьаъ тIелатар динарг ву. Иштта вийна ши полисхо, кхи а шинна чевнаш йина. Цхьана полисхочуьнгара тапча схьа а яьккхина, царна тIе герз детта волавелла иза. Йоьдучу машенчуьра стагна а кхетта ларамза герз. Цул тIаьхьа школа чу а хьаьдда, чоьнаш цIанйириг закъалте лаьцна хилла цо. Кхийсаршкахь и стаг вийна, зуда кIелхьараяьккхина.

Льеж гIалин прокуроро теракт ду аьлла динарг. Цо бахарехь, уьрсаца зудчунна-полисхочунна тIехьаьдда, цуьнгара тапча яьккхина хилла зуламхочо. Белгин RTBF телеканало тIелатар динарг 36 шо долу Эрман Бенжамэн ву аьлла, дIакхайкхийна. КIезиг дина зулам бахьана долуш набахтехь хан текхна а хилла иза.

Полицино чIагIдо, тIаьххьарчу хенахь радикалан хьежамашца иза хилла хилар.

Белгин паччахь Филипп а, премьер Мишель Шарль а вахана Льеж гIала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG