ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчу баха кхераме хилар дIахаийтина Полшин арахьарчу гIуллакхийн министралло шайн бахархошка. "Террор яржа кхерам бу цигахь. Алсамбала тарло и кхерам дуьненан Чемпионат йоьдучу юкъахь", - аьлла ду шинаридийнахь арахьарчу гIуллакхийн урхалло даржийначу дIахьедарехь.

Къаьсттина сема хила веза стадионашкахь а, фанатийн зонашкахь а, иштта юкъараллан транспорт тIехь. Полшас ларбо шен бахархой Къилбаседа Кавказан мехкашка боьлхучуьра а, къаьсттина Кхарачойн-Чергазийчу а, ГIебарта-Балкхаройчу а, Къилба ХIирийчу а, ГIалгIайчу а, Дагестане а. ГIалгIайчу а.

Маггане а могуьйтуш дац полшахошна ГIирме бахар. "Кхечу пачхьалкхашна а санна, Полшана а хета ГIирма Украинан дакъа. Низамаш хьоьшуш Оьрсийчоьно Украинан территорина аннекси яро Полшан цигахь болчу бахархошна консулан гIо кхачо таро лур яц. Цундела аьттехьа а мегар дац ГIирме баха", - аьлла ду дIахьедарехь.

XS
SM
MD
LG