ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн журналист Бабченко Аркадий вийна Киевехь. Шахьаран полицин хаамашна тIе а тевжина, Маршо Радион украинхойн сервисо бина и хаам. Официалан дIахьедарца, букъах герзаш диттина вийна 1977-чу шарера, тIаьххьарчу хенахь гIирмахойн-гIезалойн телеканалехь болх беш хилла Бабченко. Дуьххьара иза верах хаам Iорабаьккхира Фейсбукерчу шен агIон тIехь журналисто Муждабаев Айдера. Цо бахарехь, шен хIусамехь вийна иза. Цунна дуьххьара тIекхаьчнарг хIусамнана ю. Дарбан цIийне вуьгучу хенахь машенчохь дIакхелхина иза.

Стохка Оьрсийчуьра дIавахара Бабченко. Цо бахарехь, "даймахкал арахьа жимма хан яккха еза аьлла" хаамаш кхаьчнера цуьнга. Ма дарра бахьанаш дийца ца лиира цунна хIетахь.

Бабченко Аркадий шина а Нохчийчуьрчу тIамехь хилла ву. Цул тIаьхьа тIеман корреспондент санна болх бина цо "Московский комсомолец" газетехь. ТIаьххьарчу хенахь дуккха а газеташкахь зорбане вуьйлура иза, "Новая газетан"агIонашкахь а цхьаьна.

XS
SM
MD
LG