ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист Бабченко вер Оьрсийчоьнна тIехь ду аьлла Украинан Iедало


Оьрсийн журналист Бабченко Аркадий Киевехь вер Оьрсийчоьнна тIехь ду аьлла Украинан премьер-министро Гройсман Владимира. Цуьнан "бакъонца леларна а, ша аьллачунна тIера ца валарна а" геч ца дина Москох болчара аьлла хета Гройсманна.

"Оьрсийчоьнан агрессех дуьнене бакъдерг дуьйцуш хилла, Украинан бакъволу доттагI вара иза", - яздина премьер-министро шен фейсбукехь. ТIаьххьара Бабченкос шен социалан машанехь динчу йозан скриншот яьккхина, дIаоьллина цо шен хаамца цхьана.

Бабченкос дагалоьцу шен постехь, 2014-чу шарахь бIаьста тIехдоьттина хиларна ша чу хаанза висина кема Украинан малхбалехь дохарх. "Ирс долуш хиллера со. ШолгIа со вина де ду и, хетарехь", - язйина журналисто. Цул тIаьхьа 10 сахьт даьлча вийра Бабченко.

Оцу зуламна тIехьа лаьтташ Кремл хила тарло аьллера хьалхо Украинан арахьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгалхочо Климкин Павела. Министро дагадоуьйту Оьрсийчуьра шена кхерам хилча цо и пачхьалкх дIатесна хилар. Министралло кадам бина Бабченко Аркадий гергарчаьрга.

Официалан дIахьедарца, букъах герзаш диттина вийна 1977-чу шарера, тIаьххьарчу хенахь гIирмахойн-гIезалойн телеканалехь болх беш хилла Бабченко Аркадий.

ОБСЕ-но уркраинхойн Iедалхошка кхайкхамбина, катоьхна журналист вер талла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG