ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь чубоьхкина Оьрсийчоьнан бахархой дIасахийца тарло


Чубоьхкинарш дIасахуьйцуш, дийцарш долийна аьлла, хаамбина Иракъан Москохарчу векало. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъехь лаьттина аьлла, Иракъан кхело белла дIабовллалц набахтехь яккха хан кхайкхийна Нохчийчьура а, Дагестанера а зударий Оьрсийчу цIаберзо таро лур ю оцу бертан дийцарша.

Кхелан сацамашна дуьхьал аьрзнаш яздеш, шайн зудабераш Iалашдан гIерта церан гергарнаш. ТIамехь дакъалаьцна дац цара, уьш шайн бераш лелош, чохь Iийна бу бохуш, чIагIдо цара.

"Бертан кехаташна куьйгашяздан дезар ду цкъачунна дуьйцуш. Цул совнах, Оьрсийчоьнан лаам бара лецначарна тIехIотта, и бакъо а елла царна", - аьлла шинаридийнахь журналисташца хиллачу цхьанакхетарехь Иракъан москохарчу векало Хади Хайдар Мовсара. Кхи а 40 гергга зуда ю Иракъехь лаьцна, кхааридийнахь кхелан сацаме ладоьгIуш.

Иштта жигара дIахьош бу бераш цIадерзоран болх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG