ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венедиктов: Бабченко вер нохчашна хьашт дара


Венедиктов Алексей, "Эхо Москвы" радиостанцин редактор
Венедиктов Алексей, "Эхо Москвы" радиостанцин редактор

Оьрсийн журналист вен хьашто нохчийн хилла хила тарло аьлла "Эхо Москвы" радиостанцин коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс, хаамбо "Lenta.ru-н" хаамех пайда а эцна "ДС" гIирсо. Венедиктовс бахарехь, Бабченко дагахь дерг дIаолуш а, шен мостагIий а, доттагIий а къасто ца хууш а стаг вара.

"Шен лаамехь Нохчийчу вахана, тIемаш бина ву иза. Украинехь тIом иккхича украинхошкахьа а ваьлла, церан эскархошлахь лаьттина а ву иза". – аьлла цо.

Иштта цу шина а тIемашкахь Бабченкон мостагIий хилла бу нохчий аьлла Венедиктовс.

"Донбассехь а бара уьш берриш а, куьйгаш цIийх дуьзна, автоматашца нах", - тIетоьхна Венедиктовс.

Оьрсийн журналист Бабченко Аркадий вийна Киевехь оршотдийнахь. Официалан дIахьедарца, букъах герзаш диттина вийна 1977-чу шарера, тIаьххьарчу хенахь гIирмахойн-гIезалойн телеканалехь болх беш хилла Бабченко. Оьрсийчоьнан Iедал аьшнаш деш дуккха а материалаш зорбане йохура журналисто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG