ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан журналист Бабченко Аркадий вийна ца хилла шинаридийнахь - Украинан къайлахчу сервисийн (СБУ) лерина операци хилла дIаяьхьнарг, хаамбо урхаллан куьйгалхочо Грицак Василийс.

Цо ма дийццара, СБУ-га информаци кхаьчна хилла, Бабченкона кIело кечъеш ю аьлла, ткъа кхеран урхалло юхатоьхна зулам. Иштта дIакхайкхийна, журналистна теракт дан кечамбеш хилларг а шеконашца лаьцна аьлла.

СБУ-н пресс-брифингехь журналисташна хьалха гучуваьлла Бабченко ша а, яздо ТАСС агенталло.

XS
SM
MD
LG