ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъарчу организацийн векалша емалдина Украинан Iедалш


Оьрсийчоьнан журналист Бабченко Аркадий вийна аьлла сурт хIотторна а, цуьнан кхолламах харц хаамаш баржорна а дуьненаюкъарчу организацеша емалдина Украинан Iедал. Украинан Iедалхоша журналистах харц хабарш дIасадаржорна новкъадеана ОБСЕ-н маршонан хеттаршкахула волчу векална Дезир Арлемна.

"Пачхьалкхан декхар ду бакъ информаци дIакхачор юкъаралле", - яздина цо шен твиттерехь. Иза дийна вуй хиича, са даьккхира ша аьлла, тIе а тухуш.

"Доза доцу репортераш" организацин инарла секретара Делуар Кристофа Украинан къайлахчу сервисаша динарг "информацин тIеман гурашкахь дина хIилла" ду аьлла. "Iаламат кхераме ду журналистийн букъа тIехьа Iедал факташца ловзадалар", аьллачу Делуаран дешнаш даладо "Керланаш" агенталло.

Европарламентан депутато Штетин Яромира Киеве жоп дехна, церан СБУ-с хIоттийначу суьртах. Бечу талламна тIехь ша терго латтор ю а олуш.

Украинан Iедалхоша динчо оьгIазбахийтина дуккха а журналисташ а. CNN журналисто Догерти Джилла, Бабченко "денваларо" Украине доллу дуьнена болу тешам байа тарло аьлла.

Де хьалха Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIакхайкхийра, тIеман корреспондент лелла Бабченко тIехьашха герз тоьхна вийна ша вехачу цIийнехь аьлла.

СБУ-н куьйгалхочо Грицак Василийс дIахьедира, лерина дIахьочу операцин гурашкахь Iорадаьккхинера шаьш иза вийна аьлла. Цо бахарехь, ши бутт хьалха дуьйнна йолийна хилла и инсценировка. КIело кечйинарг лаьцна къайлахчу сервисаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG