ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь даккха 22 шо хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу вахархочунна


Къоман гвардин эскархо верна бехкевина меттигера вахархо Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. Цо динчу тIелатарехь вийна ши бIаьхо.

2016-чу шарахь Къоман гвардин гIуллакхдархо а вийна, стохка герзаца динчу тIелатарехь ши эскархо вийна аьлла бехк хьарчийначу жимчу стеган гIуллакх кху Iай кхеле кхачийнера. Ницкъаллийн структурийн белхахочунна вен Iалашонца тIе куьйг дахьарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, лачкъорна а бехкевина набахтехь даккха 22 шо хан а кхайкхош, 300 эзар сом гIуда хьарчийна цунах аьлла, хааме даьккхина Нохчийчуьрчу прокуратуран сайтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG