Террорхойн тобанашна пропаганда ечарна а, вербовка лелочарна а дуьхьал къийсам латторхьама интернет - бIонаш кхолла Iалашо ю ГIалгIайчуьрчу Iедалхойн. Мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека бина и хаам.
Цо бахарехь, терроран зуламашна дуьхьал профилактика ярхьама кечъеш ю цу кепара дружинаш. "Къаьсттина кегийрхой гуллучу социалан машанашкахь бан безаш бу цара и болх", - аьлла Евкуровс.
Цунна хетарехь, динан Iилма довза кхианза кегийрхошна тIеIаткъам бо вербовка ечу наха, яздо "Керланаш" агенталло.