Германерчу Фленсбург гIалахь цIерпшот тIехь уьрсаца тIелетта мила ву ца хуу стаг. Шинна чевнаш йина цо, царех цхьаъ чолхечу хьолехь ву, хаамбо немцойн Bild газетано. ТIелатар динарг полисхоша герз тоьхна, вийна. ЦIерпошт кхаьчначу вокзалехь аьчган некъаш ханна къевлина.
Цкъачунна хууш дац, мича бахьанашца дина тIелатар, талламаш дIахьош бу. Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хоуьйтуш дац, хиллий и зуламхо террорхойн тобанца воьзна.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?