ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iилма Iехийна доктор


Iилманийн белхаш лечкъабо меттигаш, "Диссернетан" карта
Iилманийн белхаш лечкъабо меттигаш, "Диссернетан" карта

Къилбаседа Кавказера институташ, университеташ кхехкаш ю кисинарчу кехаташа бинчу "Iилманчех"

Харц-диссертацеш, лечкъийна Iилман белхаш Iорабохучу "Диссернет" тобано. Цо гайтинчу плагиатийн могIарахь дуккха бу Къилбаседа Кавказера къуй-интеллектуалаш. Гучубаьхна юкъаралхоша шайгахь ю боху корматалла шайца йоцу "Iилманчаш" а, иштта, цхьацца Iилманчийн-докторийн кехаташ эцна политикаш а.

Кавказехь дуккха бу дипломаш эцна нах

"Доьшийлийн диссеропеди " и "Журналийн диссеропеди" цIе йолчу, дипломаш толлучу проектан координаторо Мелихова Ларисас дийцира "Кавказ.Реалиига" хьолах лаьцна. Цо бахарехь, иштта дIа даьржина, ерриг пачхьалкхехула девлла лелаш а дац харц диссертацеш – уьш регионашка-кластершка дIагулделла "деха".

"Цхьаьнхьа харц диссертаци хааделча, оха леррина толлу и меттиг. Гучуболу маза, цхьа харц-диссертант юкъарлонехь хуьлу кхечу ша санначу диссертантца, ишшта Iорайолу тоба, кластер, аьлча а, Iилманчийн цIерш дIасайоькъурш а, дипломаш дийраш а, оьцурш а, боху Мелиховас.

Цо дийцарехь, Къилбаседа Кавказ Оьрсийчоьнан регионех уггаре йоккханиг яцахь а, нана-йоккха харц-дипломантийн "кластер" ю цигахь.

Кхечу регионашкахь Iилманийн журналаша юкъарло леладо харц дипломаш Iорадохучу "Диссернетца", амма тIе ца оьцу и тайпа гергарло Къилбаседа Кавказерчу журналаша, боху проектан координаторо.

Муха йо мониторинг "Диссернето"? Юхьанца интернетехула толлу, дусту цхьа диссертаци кхечу диссертацешца, тIех дукха цхьаьнадогIу маьIнаш карийча, кIоргга охку.

Ростов-гIалахь уггаре дукха аьшпе диссертацеш даржийначу доьшийлех ю Къилба федералан университет. Изий, Петарбухара пачхьалкхан экономикан университеттий йоцург, харц диссерташ арахецарца хьалхаевлла йогIу Москохара доьшийлаш.

Къилбаседа Кавказехь диссертацеш лечкъорца лаьтта хьал ("Диссернетан" таллам, 2018 шо)
Къилбаседа Кавказехь диссертацеш лечкъорца лаьтта хьал ("Диссернетан" таллам, 2018 шо)

Харц-дипломийн лидерш

Доцу Iилма "даржорца" Къилбаседа Кавказан рейтингехь хьалхарниг ю Краснодар, аьлча а, цигара Кубанан университет. Эксперташ тешна бу, оцу доьшийлан ректоран Астапов Михаилан диссертаци а ду лачкъийна бохучух. Кехат тIехь Iилманчийн могIара бевллачаралахь хааелла Сочерчу пачхьалкхан университетан ректор Романова Галина а.

ШолгIачу меттехь бу Ставропол-мохк, цигара Къилбаседа Кавказан федералан университет. Харц диссертацеш а кечдина, балха хIиттина "Iилманчаш" хиларал совнах, профессуро ша а дакъалоцу нехан диссертацеш тIехь керла диссертанташ кхиош. Эксперташа бахарехь, нехан белхаш а лечкъош, шен кандидатан а, докторан а диссертацешкахь массарел дукха пайдаэцначех ву Москохарчу машенийн-некъийн техникан университетан Къилбаседа Кавказерчу филиалан директор Ягудаев Геннадий.

Пятигорск къаьсттина цецвоккхуш ю, боху Мелиховас, "цигахь силайолчу 7 лакхарчу доьшийлашкахь карийна "Диссернетна" интеллектан къуй, уьш къаьсттина дукха бу формакологин институтехь".

Талламчаша харц диссертаци ду боху Пятигорскехь экономикан, урхаллан институт йиллинчу Вазагов Викторан а.

Къолахой-интеллектуалаш алссам хаалучийн декъахь кхоалгIа меттиг кхочу Къилбаседа Кавказехь Нальчикна. Уггаре дукха харц диссертацеш даржориг ю цигахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан академин Iилманийн центр.

… Кхиболу Кавказан мехкаш а ца буьсу тIаьхьа

ХIинжа-ГIалахь харц диссертацеш даржор массарначул дика карадирзина Дагестанан пачхьалкхан техникан университетна. Цул дукха тIаьхьа ца юьсу Оьрсийчоьнан Iилманийн академин Дагестанера филиал а.

"Диссернето" Iорабаьхначийн могIаршкахь ву ХIинжа-ГIаларчу адвокатуран, нотариатан, дуьненаюкъарчу зIенийн институтан ректор Ахмедзияутдинов Мурад а.

Къилбаседа ХIирийчохь а, Нохчийчохь а яц якъо плагиатна. БуьритIехь лидер ю юьртбахаман университет (Горский), Соьлж-ГIалахь – Нохчийн университет.

"Диссернетан" эксперташа къуй-Iилманчийн декъа язвина Соьлж-ГIаларчу мехкдаьттан институтан ректор Таймасханов Хьасан. Иштачийн могIарахь ю Нохчийчоьнан доьшийлийн белхахойн корматалла лакхайоккхучу институтан ректор Эльмурзаева Ганга а.

Кхарачой-Чергазийчохь къоладечех цхьа доьшийла ю, боху "Диссернето" – мехкан пачхьалкхан университет. Цигахь, харц диссертацица Iилманчийн декъа а вахана, ректор Iийна Тамбиев Бурхан.

Майкоперчу доьшийлех а ю цхьаъ, цигахь плагиат карийна технологийн университетехь. Несарахь куьйгана цIена боцу "Iилманчаш" бу ГIалгIайчоьнан пачхьалкхан университетехь.

"Диссернето" шен лехамаш тIех гена-къорга бина а бац цкъачунна. Талла езаш юьсу дукхаъчу регионашкара доьшийлаш.

Мелихова Ларисас билгалдаккхарца, пачхьалкх дуьхьаллаьтта интеллектуалан къолахошна, дIакъуьйлу дуккха а доьшийлаш, амма церан меттиг сихха дIалоцу уьш санначу керлачу доьшийлаша.

"Аттестацин Лакхарчу комиссин экспертийн кхеташонаш цIанйина. Диссертацеш тIеоьцу ладогIа ван луучунна неIарш йиллина а йолуш. Цундела шозза лахделла Iилманчийн лакхе яккха гIертачийн терахь а", - дуьйцу Мелиховас.

Коьрта проблема кхин ю, экспертна хетарехь – динчу къолано стеган сий-ларам божош а бацар. "Хьаькамаш ца буьйцу ас – луъург хилахьара царех-м, ткъа лечкъийна диссертацеш а долуш, муха Iало шайн гIенташкахь ректорш, муха мега царна даржашкахь биса, диссертацеш кеч а деш, духкучарна? Иза дерриг а студентийн кхетамах ма дулу: къола де, амма кара ма гIо! Iилма юьхьIаьржонах хьалхадаккха деза. Дан догIург доьшийлашкахула чIада хьакхар бен а дац", - аьлла хета Мелихована.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG