ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко керла санкцеш тоьхна гIажарошна


Iамеркан президент Трамп Доналд а, финансий министр Мнучин Стивен а (аьрру агIор)
Iамеркан президент Трамп Доналд а, финансий министр Мнучин Стивен а (аьрру агIор)

ГIажарийчоьнан 3 организацина а, 6 вахархочунна а дуьхьал Iамеркан финансийн министралло керла санкцеш яьхна аьлла, хаамбина урхалло шен сайтан агIон тIехь. Оцу юкъаралхоша а, бахархоша а адамийн бакъонаш талхийна. Санкцийн тептарехь ю "Ансар-э Хезболла" а, ТехIеранера "Эвин" набахте а, мобилан программаш юкъайоху, Iедало латто Hanista Programming Group компани а.

"Ансар-э Хезболлы" кхо хьалханча а язвина тептаре, Iедалан коьртера кхо хьаькам а, гIажаройн пачхьалкхан IRIB телевизионан директор а.

Финансийн министралло динчу дIахьедарехь билгалдаьккхина, ГIажарийчоьнан къоман ресурсаш ТехIерано хIаллакъеш хилар а, дешан маьршо а, цензура а эшорхьама царех пайдаоьцуш хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG