ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу кхело тIе ца дити меттигерчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан адвокаташа чуделла дехар. Старопромыслан кIоштан суьдо дIаяьхьначу кхеташонехь адвокаташа дийхира, Титиев маьршаваккхар, иза лаьцна латтор бух боцуш ду аьлла. Титиевна ехна хан низаме, бух болуш ю аьлла, кхин а цхьана баттана а, исс денна а дIаяхйи кхелахоша иза чохь сацо тоьхна хан, яздо "Мемориало" шайн сайтехь.

Дечкен -баттахь дуьйнна, марихуна яьккхина цуьнгара аьлла, полисхоша лаьцна латтош ву Титиев Аюб. Ша бакъонашлраъярхочо наркотикаш шена кхийсина ю аьлла, бехк тIе ца лоцу.

XS
SM
MD
LG