ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера 94 бер Оьрсийчу кхачийна


Иракъера кема кхаьчна Оьрсийчу 94 бер далош аьлла, хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу пачхьалкхан Iедалхоша набахтехь яккха яккхий хенаш йиттинчу зударийн бераш ду уьш.

"Иракъера бераш цIа дерзорехь беш болу болх оха сацийна бац цхьана минотна а", - аьлла, билгладаьккхина Кадыровс. Иштта цо хааме даьккхина, и бераш даймахка кхачор шина этапехь хирг хилар а. Хьалхарчу тобанехь 49 бер ду, шолгIачу рейсехь кху карабеанчу баттахь 25 бер хир ду. Бераш дозанал арадаха оьшу кехаташ кийча ду, бисинчеран документаш битаме далош ду аьлла мехкан куьйгалхочо.

"Церан наной харц некъа тIе бовлар бахьана долуш, таIзар дина царна. Амма берашкара жоп доьхийла яц церан дайх-нанойх", - дIахьедина Кадыровс.

Болчу хаамашца, Иракъан кхело Оьрсийчуьрчу 49 зудчух 21-нна белла дIабовллалц набахтехь яккха хенаш йиттина. Шиъ ен кхайкхийна, 26 кхеле ладоьгIуш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG