ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Осмаев Адамна тIелатар динчун кхел йолош ю


Киеверчу Подольскан кхело листа долор ду Кринари Артуран (Курмакаев а ву иза, Тищенко а ву, Цебро а ву) гIуллакх. Цуьнан адвокато Мацегора Маринас бина и хаам. Кринари бехкево нохчийн Дудаев ДжовхIаран цIарахчу батальонан куьйгалхочунна Осмаев Адамна а, цуьнан хIусамнанна Окуева Аминина а кIелоярна.

Бехкевийриг Нохчийчуьра орамаш долуш ву, шех Кринари Артур алар дехна цо. Ерриг а цо лелорийг 10 цIе гергга ю.

Стохка аьхка Киевехь, Le Monde газетан журналист ву ша аьллачу цо чевнаш йира Осмаевна. Шиъ а дийна висира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG