ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна а, хIиришна а юкъахь маслаIат хилла


Къилбаседа ХIирийчуьрчу Черменехь маслаIат хилла йийначу таксхочун Уртаева Стеллин а, иза йийначу Нохчийчуьрчу вахархочун а доьзалашна юкъахь. Шина а мехкан динан дайша дакъалаьцна оцу барамехь.

"Кавказ.Реалии" портале Къилбаседа ХIирийчоьнан муфтийс Гацалов Хьаьжа-Мурда дийцарца, нохчийн муфтиято доллучу къоман цIарах гечдар дехна. "Стаг вер эхье хIума ду, Iаламат эхье ду нагахь зуда ехь. Машаре а, лараме а къамел хилира тхуна юкъахь", - дийцина Гацаловс.

Гергарчу хенахь йийначу зудчун хIусаме богIур бу куьйгбехкечун гергарнаш, зудчун байлахь дисинчу кхаа берана ахчанан барамехь компенсаци а луш.

Карладоккху, БуьритIера Соьлжа-ГIала пассажир валош еанера Уртаева бутт хьалха. Цуьнгара машен схьаяккха Iалашонца, урс диттина иза йийнера оцу стага. Дакъа хи чу кхоьсина, къайладаьккхинера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG