ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь а, буса а ларвеш ву полисхоша йоI йийна Роберт


Нохчийн 7 шо долу йоI ерна бехкевечу 16 шо долчу кхиазхочунна кIелоян гIортар юкъахдаьккхина Австрин полицино. Венерчу Йозефштадт набахтера Линц гIалин къевлинчу тIеман дарбан цIийне дехьаваьккхина Роберт. ТIехь деш ха а долуш, ша цхьаъ чохь латтош ву иза. 24 сахьтехь цуьнца цхьана чохь бу полисхой. Иза волу меттиг гIараяккхар дихкина ду. Австрин хаамийн гIирсаша дийцарехь, Роберт лаьцна латточу Йозефштадт набахтехь кIантана дуьхьал зулам ду кечдеш аьлла, тутмакхашка хаамбинера. Венерчу нохчийн юкъаралло иза вийначунна 20 000 эзар евро ахча лур ду аьллера, даймахкахь чIир кхайкхина йийначу йоьIан гергарчара.

"КIентан адвокатан телефон тIе а кхаьчна хилла кхерамаш туьйсуш хаамаш. ХIинца полицино Роберт дийнахь а, бусахь а ларвеш латтош ву, - аьлла яздо Австрин OE24 хьостано. Маршо Радионо хаамбира, Нохчийчуьра схьаваьлла 16 шо долчу Роберта 7 шо долу шен махкахо-йоI къиза ерна бехкевеш хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG