Набахтехь даккха итт шо кхайкхийна Волгоградан кIоштан 23 шо долу вахархо Исмаилов Рустам Карелин "цIечу" зоне хьажийна. Стохка гурахь кхело бинера цуьнан хьокъехь шен сацам. Интернет гIирсаца баккхийчу барамашкахь наркотикаш лелор дара цунна бехке диллинарг. ДегIах талламаш бечу хенахь цуьнгара яьхнера 1, 1 грамм наркотикаш. КIентан гергарчара цуьнан кисана наркотикаш кхийсина ю аьлла, дIахьедо.
Стохка гурахь Карелерчу ИК-7 набахте дIакхачийнера иза. "Бакъонашларъярхошкара хиина тхуна, ницкъаллийн структурашкахь белхаш бина нах чохь латточу набахте - "цIечу"зоне иза вигинийла", аьлла, дийцина тутмакхан дас Iаьрбис. Цо бахарехь, Карелерчу лоьмар 1 йолчу СИЗО-хь латтийна иза цхьана баттахь, набахтин хьаькамо "галбоьвлла валийна иза кхуза а бохуш". ТIаьхьа кIентан гергарчаьрга хаамбира Волгоградерчу прокуратурано "кхечу шина колонехь меттиг ца хилла, вигина иза цу набахте" аьлла.
Стохка Iай дIахаийтира Исмаилов Рустаман гераграчаьрга иза Кареле дIавуьгуш хиларх. "Тхо Волгоградан кIоштахь дехаш ду, цундела ша вехачу регионехь цуьнга хан яккхийта лаам бара тхан. Кхи дIа цуьнан гIуллакхна арздан а, талламаш дIабахьа а аьттонаш ца хилийтархьама тхуна генаваьккхина Рустам", - резавоцуш дийцина Iаьрбис.