ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хайят Тахрир аш-Шам" тоба террорхойн тептаре яьккхина Iамерко


Шеман "Хайят Тахрир аш-Шам" тоба террорхойн организацийн тептаре яьккхина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. Пачхьалкхан департаментан сайтехь бинчу хаамца, и тоба йоьзна хилла террорхойн "Аль-Каида" машанца. Террорхойн организацийн могIаре яьккхинчу "Фронт Ан-Нусра" тобан бух тIехь дахначу шарахь кхоьллина и юкъаралла.

Терроризмца къийсам латточу пачхьалкхан департаментан координаторо Сэйлс Натана дIахьедина: "Оцу сацамо гойту, цIе хийцарх тхо Iехалур доцийла", -аьлла. Шеман къилбера Идлиб провинцин ах дакъа шайн тергонехь латтош ду "Хайят Тахрир аш-Шам" тобано.

Асад Башаран эскархошца къийсам латтийна ца Iаш, кеп-кепарчу Шемарчу гIаттамхойн группашна дуьхьал а лаьтта уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG