ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьках декхарш лехьош бу Iедалхой


"Чеченэнергон" белхахой нехан керташкахула а лелаш, шогаллица тоьках ахчанаш схьадоьхуш, цкъацкъа боьдучу баттах а декхар охьадиллар тIе а дожош хьийза тIаьххьарчу шина дийнахь аьлла, дийцина Соьлжа-ГIалин бахархоша. Шахьаран мэран зерашца, шина дийнахь 400 эзар гергга сом охьатасийтина бахархошкара. Байначу беттан 14-чохь "Чеченэнерго" компанин белхахоша шуьйра рейдаш дIаяьхьна тоьках ахчанаш схьалехьош бахархошкара.

Махкахоша дечу аьрзашца, хьем ца беш декхар охьадиллар тIедуьллура Iедалхоша, чуьра бахамна конфискаци йир ю бохуш, кхерамаш а туьйсуш. Пачхьалкхан белхахоша тIаьхь декхар дац аьлла, кехат-тоьшаллаш ца кхачадахь, хьаькамаша балхара дIадохург хилар схьахаитйина шайга бохуш, дийцира "Кавказан узел" агенталле бахархоша.

Коммуналан декхарш лехьочу тобанца бу къинхьегаман министраллан, пурстоьпийн урхаллан векалш.

Соьлжа-ГIалахь тоьках гулделла декхар 25 миллион сом ду аьлла, хааме даьккхина "Кавказан узел" агенталле мэрин векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG