ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIуда Iаьрбийчоьнан шейхаш бахьанехь туризм кхио дагахь ю Нохчийчоь


Нохчийчоьнан презентаци йина СаIуда Iаьрбийчохь туристийн индустрехь а, дуьненаюкъарчу чемпионате билеташ эцначу футболан фанаташлахь а. Шен Фейсбукан агIон тIехь и хаам Iорабаьккхина махкарчу туризман комитетан куьйгалхочо Батаева Элинас.

"Кавказ. Реалии" портало дийцарехь, стохка къайлах Нохчийчу веана СаIуда Iаьрбийчуьрчу элана тайна хилла Нохчийчуьра лаьмнаш. Тарло Нохчийчуьра делагаци СаIуда Iаьрбийчу пайда алсамбаккха яхана хила.

Официалан терахьашца, Нохчийчу оьхучу туристийн терахь кхуьуш ду. Ши шо хьалха 80 эзар турист веана республике, ткъа стохка мехкан куьйгалхочо дIахьедарца, 100 эзар кхечира. Кху шарахь мел лахара а 120 эзар стаг тIеоьцур ву шаьш аьлла, дIакхайкхийра махкарчу Iедалша.

Кавказерчу регионашлахь уггар дукха нах лестарг хьалха а санна Гуьржийчоь ю. ХIора шарахь дуьненчуьра 6 миллион сов турист кхочу цига, царех 1, 5 миллион Оьрсийчуьра бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG