ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан президентца цхьанакхета кечамаш бо Трампан администрацино


Трамп Доналдан администрацино кечамаш беш бу Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а президентийн цхьанакхетарна. Wall Street Journal-ан хьасташа дийцарца, Iамеркан Москохара векал Хантсман Джон кху кIиранах, саммитна кечамбар дуьйцуш Вашингтонехь хилла. Шина а агIонан цкъачунна барт хилла бац, муьлхачу дийнахь, мичахь хир ду цхьанакхетар, яздо газетано. Iамеркана а, Оьрсийчоьнна а юкъара "дIабахбеллачу цакхетамашна тIехь толам баккхар" ю саммитан коьрта Iалашо, чIагIдо хьасташа. Цара дийцарехь, йийцареян леринчу проблемашлахь ю Шемара а, Украинера а конфликт а, зарратан герзана тIехь Iуналла дар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG