ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къевлинчу неIаршкахь хоттур ду Осмаевна кIелойинчун дов


Киеверчу Подольскан кхело листа долийна Украинерчу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу батальонан хьлаханчана Осмаев Адамна а, цуьнан хIусамнанна Окуева Аминина а кIелоярна бехкевечу Кринари Артуран (лелош хилла цо Курмакаев а, Денисултанов а, Тищенко а, Цебро фамилеш) гIуллакх. Дуьххьарчу кхеташонехь къевлинчу неIаршкахь кхел дIаяхьар дийхира. ТIедогIучу дийнахь къасторболчу тешамечу векалшна хьалха хIуттур ву бехкевийриг. Шен дов хаттар оцу форматехь дIадахьар дехнера ша Кринарис а.

"Юха а Осмаевна кIело ярна болу кхерамаш бахьанехь" адвокато Мацегова Маринас дехнера гIуллакх листар къевлинчу рожехь хилийтар. Осмаев ша ца хилла хьалхарчу кхелан ладегIаршкахь.

СИЗО-ра Кринари (Денисултанов) валийра кхеле. Шо хьалха йинчу чевнашка хьаьжча, тIахъаьлла гуш вара иза.

Стохка аьхка Киевехь, Le Monde газетан журналист ву ша аьллачу Кринарис (Денисултановс) чевнаш йира Осмаевна. Дуьхьал герз тоьхна Окуева Аминас лазийна, дарбан цIийне кхачийнера иза.

Стохка гурахь йийра Окуева Амина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG