ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера бераш далош кема догIур ду кеста


Кеста Гергарчу Малхбалера кхин а кема догIур ду кегий бераш далош. Мел лахара а Оьрсийчуьра 25 бер хир ду кеман тIехь. "Иракъерчу Iедалхоша таIзар динчу зударийн доьзалхой бу уьш", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун векало Сабсаби Зияда. Дерриг а 94 бер ду даймахка цIадерзо лерина. Дукхаболчийн хIинца а кийча дац оьшу юридикан кехаташ. "Оцу берех 45 дозанал а арахьа дуьненчу даьлла ду, 38 Иракъехь, цхьаъ Шемахь, пхиъ Туркойчохь, цхьаъ Германехь. Уьш оцу пачхьалкхера арадаха вуно хала ду. Церан гергарчаьрга ДНК-тесташ ян еза бохуш, дехарш дан дезар ду тхан", - аьлла Сабсабис.

Оьрсийчу схьадалочу бершащлахь 10 процент гергга Нохчийчуьра бахархой бу. Доккхачу декъанна цаьрца ду ГIезалойчуьра а, Башкирера а, Къилбаседа Кавказера а бераш.

"Оцу берийн 49 нана набахтехь ю. 21-нна яккхий хенаш йиттина, иштта белла дIабовллалц чохь Iен безарш а бу. 28 зуда ю шайн кхолламе ладоьгIуш Iаш", - аьлла, тIетоьхна Кадыровн векало.

Берех уггар доккххдолчун 11 шо бен дац. Иракъан низамашца, кхо шо кхаччалц долу бераш бен ца дуьту набахтехь нанойн карахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG