ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажаройн эскарш арадохуш ду Шемара


ГIажарийчоьнан эскарш пIераскандийнахь арадийла дуьйладелла Шеман Къилберчу а, Къилба-Малхбузерчу а кIошташкара. Al-Arabiya телеканало шайн хьосташна тIе а тевжаш бина и хаам. ГIажаройн эскарш арадохуш хиларх информаци яржийна Израилан зорбанаша а. Ливанан ГIажарийчоьнна муьтIахь йолчу "Хезболла" тобано а дIатосу регион. ГIаттамхошна дуьхьал тIемаш бечу Шеман президентан эскархошна гIоьналла латтадо ГIажарийчоьно а, "Хезболлас" а.

ГIажаройн ницкъаш Шеман Къилбехьа латторна дуьхьал ю Израиль а. Шайна цаьргара кхерам бу аьлла хета царна. Израилан кеманаша бомбанаш йиттира ГIажарийчоьнан а, "Хезболлан" а Шемарчу базашна тIе.

"Интерфаксо" а, Израилан зорбанаша а хаамбарехь, гIажаройн тIемалой Шемара арабевр бу аьлла бина барт бара Израилан а, Оьрсийчоьнан а тIеман министрийн Москох кху кIиранах хиллачу цхьанакхетарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG