ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилан кеманаша тохарш дина Газан секторехь


Шайн территорешна ракетийн тохарш дарна дуьхьал яхначу буса Израилан тIеман кеманаша тохарш дина Газерчу ХАМАС-ан объекташна. Израилан тIеман ницкъийн векалша бина и хаам. Мел лахара а, Газера 4 снаряд арахецнера Израилна тIетоха аьлла, дийцина Израилан тIеман буьйранчаша. Цкъачунна цхьана а тобано динчу тIелатарх жоьпалла тIе ца лаьцна шена.

Газан бахархоша дIахьедо, палестинхойн дозанаш Iалашдечу ХАМАС-ан тобанан кхаа объектна Израилан кеманаша тохарш дина хиларх. Израилан эскаран пресс-гIуллакххоша даредина, Газан секторехь ХАМАС-о пайдаоьцучу кхаа куьпарчу гIишлошна зенаш дарх.

Беллачех, лазийначех беш хаамаш бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG