ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампан шеко ю Iамеркан прокурорах


Трамп Доналд
Трамп Доналд

Шен адвокаташа прессе кхоьхьуьйтучу кехатех информаци Iораяларна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда шеконашка эцна юстицин министралла а, лерина прокурор Мюллер Роберт а. Твиттерерчу шен агIон тIехь бина цунах хаам Трампа. Президенто юха а яздина, шен харжамийн компани йоьдучу хенахь Оьрсийчоьнца цхьана а кепара шен бина барт цахиларх.

"Сан адвокаташа хаамийн гIирсашка язде кехаташ Iорадохучул а, демократашлахь коррупционераш лехча гIоле дацара?", - аьлла, билгладаьккхина президенто.

Байначу беттан чакхенехь Трампа дIахаийтинера, леринчу прокуроро бечу балхана ша реза цахилар. Iамеркан прокуроро Трампан адвокаташка 40 хаттар деллера, Оьрсийчоь 2016-чу шарахь Iамеркан президентан харжамашна югIагIортар толлуш. The New York Times газете кхачьнера и хеттарш.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь дIахьош таллам бу президентан харжамийн компани йоьдучу хенахь Оьрсийчоь юкъагIоьртина хилар шеконашка а эцна. Прокурора Мюллер Роберта кхелахойн шуьйра коллеги вовшахтоьхнера, харжамашкахь "Оьрсийчоьнан лар" лоьхуш. Кхечу пачхьалкхашкахь дIахьочу харжамашна ша юкъа ца гIерта аьлла, дIахьедира Москоха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG