ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь байинчу полисхойн доьзалшна компенсацеш делла


Полисхойн Рахметов Кайртан а, Горсков Владимиран а доьзалшна миллион соьмаш, лазийначу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан эскархошна Дементьев Владимирна а, Горбунов Николайна а 500 эзар ахчанаш дIакхачийна аьлла, хаамбина Нохчийчоьнан Iедалхоша.

Маршо Радионо яздира, байначу беттан 19-чохь Соьлжа-ГIаларчу Архангел Михаилан килсана динчу тIелатарехь виъ гIаттамхо верах. Иштта байира оцу тасадаларшкахь Нохчийчохь эскархойн гIуллакх кхочушдеш хилла Саратовн кIоштара полисхой а.

Ницкъахоша Iорадаккхарехь, тIелатар дира Нохчийчуьра 18 шераш долчу ЮнусовгIеран шина вешо Iелас а, Iамира а, 19 шо долчу Элисултанов Микаила а, иштта 18 шаре ваьллачу ГIалгIайчуьрчу вахархочо Цечоев Ахьмада а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG