ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машенаш лело бакъонаш дIаяьхна Нохчийчуьрчу бахархошкара


Нохчийчохь шоферийн машен лело 32 бакъо дIаяьккхина прокуратурано, медицинан экспертизо гайтина жамIаш бахьана долуш, хааме даьккхина оцу урхалло. Бинчу талламаша Iорадаккхарехь, наркоманин, токсикоманин, алкоголизман диагнозаш хIиттиначу махкарчу 32 вахархочо машенаш лелош хилла. Лоьраша могушалла зийначул тIаьхьа тIечIагIдина, цомгушберш кхачо йоллуш тобелла цахилар.

Маршо Радионо хьалхо яздира, мархийн беттан сий деш, некъан низамаш дохорна полисхоша схьаяьхна машенаш уьш йолчарна юхадIаелла Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG