ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь гулбеллачу нохчаша шаьш сийсаз ца дар дехна


Парижера нохчийн митинг
Парижера нохчийн митинг

Нохчийчуьра схьабевлла эзарнашкахь нохчий гулбеллера Францин коьртачу шахьарехь Парижехь хIоттийначу митингехь кIирандийнахь. Хаамийн гIирсашкахь нохчийн къам бехдеш йолийначу компанина дуьхьалонна арабевллера уьш. Нохчийчуьра орамаш долчу 21 шо кхаьчначу Азимов Хьамзата Парижехь уьрсаца тIелатар динчул тIаьхьа хаамашкахь нохчех негативе артиклаш зорбане йоху. Оцу материалашкахь нохчийн къомера терроризман а, ницкъбаран а кхерам бу бохуш яздо журналисташа. Митинг вовшахтоьхнарш тешна бу, оцу бехкаш дахкаро доллу къам бехдеш хиларх а, цхьана стага дина зулам массарна а дуьхьалдеттар нийса дац аьлла а.

Массо а пачхьалкхашкара гулбеллачу нохчаша емалйира терроризм, баркалла кхайкхийра шайна тховкIело еллачу пачхьалкхаана, журнаисташка дехар дира нохчех хьакхалун хиламаш хьакъ ма - дду баржор.

Маршо Радионо ма яздарра, цхьа стаг вуьйш, веанна чевнаш еш Парижехь тIелатар дина Азимов, Францицн вахархо вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG